ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТимурзиевгIар бертабахана шайга чIир кхайкхийначу нохчийн тайпанца


Стаг витар. Гайтаман сурт
Стаг витар. Гайтаман сурт

ГIалгIайчуьра ТимурзиевгIар-СултыговгIар бертабахана Нохчийчохь шайн наха тIе а летта, Соьлжа-ГIалахь белхан меттехь вийначу полисхочун гергарчаьрца Дечкен-беттан 7-чу дийнахь. Оцу хьокъехь хаам баржийна, Эккаж-Къоьнгийн Юьртан маьждиган имамна тIе а тевжаш, "Islamnews" портало.

Барт бан шина тайпан хьалханчаш вовшахкхетта Нохчийчоьнан парламентан цIийнехь.

200 сов cтагах лаьттачу гIалгIайн тобано, шайца Iеламнах, къаной, имамаш а болуш, емалдина Соьлжа-ГIалахь дина тIелатар, кадам бина веллачу полисхойн цIийнан нахе, къинтеравалар дехна лазийначу полисхочуьнга а.

Нохчийчуьрчу Iедалхоша бинчу хаамца, лецна кхобучуьра дIахеца дош делла полисхоша дуьхьало еш вийначу шина тIелатархочун ТемурзиевгIеран да-нана а, йиша а, нагахь санна талламо уьш бехкебеш ца хилахь.

Официалан версица, байначу беттан 28-чохь вежарша ТимурзиевгIара, Хаьсана а, Хьусайна а тIелетта, уьрсаш диттира ханехь лаьттачу шина полисхочунна, цаьргара герз даккха а гIоьрташ. Вийна 22 шо долу жимаха сержант Джабраилов Мохьмад, лазийна цуьнца хилла шолгIа полисхо. Шаьш ТемурзиевгIар байъина.

XS
SM
MD
LG