ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтера хьелаш ца тайначу Царнаевс арз дина Iедалшка. $250 эзар доьху цо


Американ вахархочо, схьаваларца нохчо волчу, Бостонехь терроран тохар дарна набахтехь хан токхучу Царнаев ЖовхIара 250 эзар доллар доьху шена хиллачу цатоманна – лийча аьтто ца бо, коьрта туьллу бандана а дIаяьккхина шегара, аьлла ду цо 1едалшка бинчу латкъамехь.

Царнаевс щен дIахьедарехь боху, дискриминаци лелайо шеца набахтехь. Яздо, набахтера хьелаш вон хиларо талхайо шен могашалла а, психика а.

Арз цкъачунна листанза ду, цуьнан бахаьана а довзуьйту Iедало юкъараллина – Царнаевс чу ца делла орзанна тIе мел оьшу документаш, охьа ца биллина кхелан балхах болу мах. Оцу хькъехь яздо "Коммерсантъ" газето, Boston Herald-на тIе а тевжаш.

Уггаре луьра хьелаш латточу Флоренсерчу (Колорадо штат) набахтехь ву Царнаев ЖовхIар.

2013-чу шеран Охан-беттан 15-чохь Бостонехь кхо стаг а вуьйш, 260 лаза а веш, лелхийтарш дира цуьнан воккхаволчу вашас Тамерлана а, цо а. Тамерлан лоцучу муьрехь вийра.

  • Хьалхо хаам баьржира, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн федералан аппеляцин кхело юхабаьккхина иза вен кхачош бина хилла сацам, аьлла.
XS
SM
MD
LG