ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Велла Капитолехь къепедацарш хилча чов йина полисхо


Капитолехь хилла къепедацарш, Дечкен-беттан, 6-гIа де, 2020 шо
Капитолехь хилла къепедацарш, Дечкен-беттан, 6-гIа де, 2020 шо

Вашингтонехь велла Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессо болх бечу Капитоли гIишлонехь къепедацарш хилча чов йина полицин белхахо. Полицино хаам бина Американ президентан Трамп Дональдан агIончашца хиллачу тасадаларшках лазийна эпсар Сикник Брайан Дечкен-беттан 7-хь велла аьлла.

Оцу кепара, Вашингтонехь дуьхьалонан акцеш йоьлхуш кхелхинчу нехан терахь алсамдаьлла 5-ъа стаге кхаччалц. Капитолин полицин хьаькамо Санд Стивена дитна шен дарж.

Президенто Трамп Дональда дIахьедина, Вашингтонехь хиллачу къепедацаршкахь низам дохийначу наха жоп лур ду шаьш динчунна аьлла. Цо видеокъамел дитина оцунах лаьцна твиттерехь. Цуьнан къамел гучудаьлла масех сохьтехь Трампан аккаунт блок хIоттийна латтийначул тIаьхьа.

"Берриг а америкахой санна со а ву эргIадвахна низамаца догIуш доцург лелорна а, ницкъбарна а, кегари хIотторна а", - аьлла президенто. Америка даима а низаман пачхьалкх хила езаш ю аьлла, тIетоьхна цо.

Трампа дийцарехь, иза кийча ву керлачу администраце Iедал дIадала, амма хьалха санна тешна ву харжамаш барца доьзна низам Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь хийца дезаш хиларх.

Twitter социалан машано цхьана а кепара билгал ца яьккхина президентан видео. Цул хьалха хилла Трампан публикацеш билгаляхара цо, уьш ницкъбаре кхайкхамаш беш хила мегаш йолуш санна. Капитолехь хилларг бахьана долуш Трампан Facebook-хь а, Instagram-хь а, Twitch-хь а, Snapchat-хь а йолу ерриг а аккаунташ болх бечура совцийнера. Shopify сайто блокаш хIиттийнера Трампца йоьзначу ерриг а туьканашна.

Дечкен-беттан 6-хь митингг хиллачул тIаьхьа Трампан агIончаша штурм а йина, дIалецира Капитоли, цигахь Конгрессан шина а чоьнан цхьаьнакхетта кхеташо дIайоьдуш а йолуш. Сенат а, Векалаллин чоь а тIечIагIдеш яра ГIуран баттахь Трампан дуьхьаланча Байден Джо тоьлла аьлла тIечIагIдинчу харжамхойн кхаьжнаш. Карарчу хенахь волчу президенто дIахьедарш дора харжамашкахь харцонаш лелийна хиларх лаьцна, кхеле латкъамаш а беш. Делахь а и латкъамаш юхатуьйхира суьдхоша, уьш бух болуш а цалаьрра.

Конгрессера кхеташо юкъахяьккхира, Капитолехь тасадаларш хилира полицица. Дуьхьалонан акцин декъашхой дIасалаьхкинчул тIаьхьа конгрессменаша юха а дIабаьхьира шайн болх. Цара тIечIагIбира Байден Джон толам. Цуьнан инаугураци хир ю Дечкен-беттан 20-хь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG