ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. Соьлжа-гIале


Соьлжа-гIале

Ахь боху соь
Хьуо йоьхна ма баха.
Хьо тоелла бохуш,
Юьйцу наха.
Хьо-м ехаш ю
Хьайн эшарийн
Мукъамехь
Бес-бесара хуьйцуш духарш
Хьайна тIехь.

Хьалха ахьа
Мера-кIант сох вира.
ХIинца миска
Гергара стаг вина.
Ас хIетахь а
Доьхуш хIума дацара,
Шеран коьртехь
ХIоттар бен хьан базара.

Хьо шиъ хилла.
Яйн сан цIийчухула.
Дов ма делахь,
Со дIавоьду хьуна.
Хьан даьржина
Деши, дети дитина,
Царах ловзурш
Шайн ловза а битина.

Кхин трамвай хьан
"Минутке" а йогIур яц.
Кхин цунна тIе
Цкъа а со а хуьйшур вац.
Хьо сан дагчохь
ЦIарах яьгна,
Хирцина.
Хьо сан дагна
Даим мокха
Йиссина.
2013 шо

XS
SM
MD
LG