Юха а
Юха а дур догIу.
Меттахъхьай стигла.
Гучара дIаволу.
Лаьтта со вижча.
Юьхьар чу хехкало
Мокха ши "хьаша",
Тхан цIенош къестадо
ТIетоха цара.
Школа а йохийна
Сийсара буса.
Соьца тIом болийна
ХIавао юха.
Тохаза уьш ца Iий.
Де цIарах догу.
Тхайн цIенойн гаьргийн цIий
Суна тIедогIу.
1999 шо
***мокха ши "хьаша" – тIеман кеманаш