ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. ТIеман мукъамаш

Сабардахьара ахь

No media source currently available

0:00 0:00:33 0:00
Линкана тIе

ТIеман мукъамаш

Йоккха топ кхийти сан эвла,
Йоккха топ кхийти сан дагах.
Йохий цо декъаза сан эвла.
Даьккхи цо доккха гар сан дагах:
Ца торчу тезето ков дилли.
Новкъара сан илли чудиги.

Син метта кхийти йоккха топ,
Iожаллин кхойкхуш со шуьне.
Хиндолчу сан ирсан боккха поп
Ларбан ца тиги хьо, кIайн дуьне:
Даьккхинчу орцано дIадиги
Iаьржа маж йитина сан илли.
1995 шо

This item is part of
XS
SM
MD
LG