ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзанан цIе туьллуш ю Соьлжа-ГIалин Ахматовски кIоштарчу маьждигна


Нохчийчохь хиндолчу рогIерчу маьждигна буха капсула йиллина Соьлжа-ГIалахь. Хир ду и маьждиг гIалин Ахматовски кIоштахь, цIе туьллур ю Кадыров Рамзанан, хаам баржийна "Чечня сегодня" агенталло.

2 стаг чутарлуш хир ду маьждиг. Нохчийчоьнан Iедалан хаамийн гIирсаша дийцарехь, Кадыровн цIе цунна туьллийла лиинарш бу "мехкан куьйгалхочун го а, регионан бахархой а".

  • Нохчийчохь 346 урамна техкина мехкан таханлерачу куьйгалхочун а, цуьнан гергарчийн а цIераш. КадыровгIар схьабевллачу меттигна ярташ герга мел хуьлу а алссам тохку и цIераш.
  • Кадыров Рамзана ша бахарехь, мехкан шахьарарчу Ленинан кIоштах Ахматовскии кIошт яр къобалдина Нохчийчохь и гIуллакх дийцаредеш дакъалаьцначу нехан 98,07% декъо. Хьалхо цIе хийцира КадыровгIар схьабевллачу Цоьнтара юьртан – хIинца иза ю "Ахмат-Юрт".
  • 2020 шарахь Американ Цхьаьанатоьхначу Штаташа санкцийн тептара язвина Кадыров Рамзан махкахь адамийн бакъонаш хьешарна. Оццу тептарахь ю цуьнан зуда Кадырова Медни а, ши йоI Iайшат а, Карина а. Царна доьхку Штаташка баха а, цигахь бизнес-юкъаралонаш лело а.

XS
SM
MD
LG