ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Паьнказхоша амнисти йоьху Гуьржийчохь вийначу Чатаевна гIо дарна набахти токхучарна


Хангошвили Хасо
Хангошвили Хасо

2017-чу шарахь терроризманна аьтто барна набахте хьийсийначу шайн махкахошна Iедал амнисти яре кхойкхуш, пIераскана протестан акце гулбелира Гуьржийчуьрчу Панказара бахархой Дуиси юьртахь, яздо "Эхо Кавказа" сайто.

Хьехораш бу паьнказхой Горнакашвили Зураб, Алдамов Руслан, Маргошвили Рамаз – террорхочунна Чатаев Ахьмадца уьйре бахарна йинчу кхелаца 10-12 шераш токхуш бу уьш набахтехь.

Протестхошна хетарехь, и нах мукъабаха беза тIедогIучу кIиранах Гуьржийчоьнан парламенто дийцаре дуьллучу амнистех долчу низаман буха тIехь.

ГIалаташ девлла шайн кегийрхошкара шаьш дечух буьззина тIаьхьакхиина цахиларна, нийса дац уьш террорхойн могIара хIиттор, тешна бу Паьнказара гуламхой. Ткъа Гуьржийчоьнан Iедал а дацара нийса ницкъхойн операцеш Паьнказахь дIаяхьарца – бахархой кхерош ехира и гIулчаш, тешна ву ша элира барамехь меттиегрчу къанойн цхьаьнакхетараллин лидера Хангошвили Хасос.

Чатаев Ахьмадна Гуьржийчохь къепе йохош гIодарна бехкевора Iедало пхи стаг. Уьш лийцира 2017-чу шеран Iай, царех цхьаъ, 19 шо долу Мачаликашвили вийра Темирлан, вийра лаца баьхкинчу ницкъаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG