ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Индонезехь Боинг-737 охьадоьжначохь хIордхой бу хи толлуш


Бохам хиллачух тера кема, гайтаман сурт
Бохам хиллачух тера кема, гайтаман сурт

Индозин Iедало бинчу хаамца, шоьтан дийнахь хIорда чу "Сривиджая Эйрлайнз" авиакомпанин кема чудоьжначохь карийна цуьнан дакъош. Кема ирхдаьллачу пхоьалгIачу минотехь хаьдда цуьнца зIе. 62 стаг хилла кеманца, экипажах 12 а волуш. Дийна ца висина цхьа а.

Джакартера Понтианаке (Малхбузера Калимантан провинци) доьдуш хилла кема. КIирандийнахь кеманах бисинчу орца кхайкхочу гIирсан сигналца билгалъяьлла бохам хилла меттиг, хаам бина Би-би-си копрорацино. Кема чудоьжначу метте таллама-орцан ницкъаш хьовсийна.


Джакартерчу полицин векала журналисташна хаийтарца, хин бухара хьалайохуш ю экипажан хIуманаш а, беллачийн декъеш а.

XS
SM
MD
LG