ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оперативан штаб: уьнах велла Оьрсийчохь 61 000 стаг


Оьрсийчохь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирус карийна 23 эзар вахархочуьнца (аннекси йина ГIирма а чулору статистико). Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца, коронавирус яьржичхьана Оьрсийчохь иза хьакхаелла 3 379 103 стагах.

Москвахь дийнахь-буса 4900 керлачу стагехь хааелла COVID-19, Петербургехь и терахь ду 3000 сов, Москван гонахарчу меттигашкахь – 1200 гергга, Нижний Новгородехь – 443, Ростов-махкахь – 395.

Пандемин берриг муьрехь Оьрсийчохь уьнах велла 61 000 стаг, хаам баржийна тахана, Дечкен-беттан 9-чохь, оперативан штабо.

XS
SM
MD
LG