ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказ - гIелонехь: "ФСБ-н дIовшдалархоша" а, бухарчу ницкъаша а диначу зенийн ларш


Дечкен-бутт, 04, оршот

"ФСБ-н дIовшдалархой" - Кавказехь?

Bellingcat-ан журналист Грозев Христо автор а волуш, баьржийначу хаамаша довзийтира муьлхачу хенахь, стенга бахана лелла оппозиционерна Навальный Алексейна тIекхачале "ФСБ-нера дIовшдалархой". Оцу хаамашна тIе а тевжаш, социалан машанашкарчу наха цхьаьнайоьзна буьйцучу ФСБ-н белхахойн Къилбаседа Кавказехула дIасалелла хан а, оцу регионехь халкъалара жигархой белла хан а, хьелаш а.

Масала, Яблоко партин жигархо, журналист Куашев Тимур веллачу хенахь нисвелла цхьа "дIовшдалархо" Нальчикехь. Хаалуш кхин дерташ дацара, эксперташна хетарехь, девзаш доцчу дIаьвше вийнера иза.Гергарчара 2018-чу шарахь арз хьажийна Европан кхеле. 2015-чу шеран Зазадоккху-баттахь кхин цхьа "дIовшдалархо" вахана кеманца Дагестане. Оццу деношкахь цигахь вийна карийна "Цхьаалла" ("Единство") боламан жигархо Магомедрагимов Руслан.

КадыровгIеран аккаунташ а, цара «лестадош долу» ахча а

12 миллион стаг язвелла йолчу шен агIонехула инстаграм-блогеро Литвин Михаила еза машен кхайкхийна ша гергарло мел лелочу нахаца «доттагIалла» тесначунна. Блогеро язбала нах кхойкхучу аккаунташлахь ю, масала, КадыровгIеран аккаунташ: Рамзанан зудчун Меднин а, воIан Iелин а, йоьIан Iайшатан доларчу модин цIийнан а, уллера гаргарчу кхечийн а аккаунташ.

Ткъа хьалхо хаам баьржира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун доьзал бу социалан машанашкара шайн аккаунташ яржорхьама машанашкарчу конкурсашкахь дакъалоцуш, аьлла. Акаунташ шорйийириг делира КадыровгIара алссам ахча, хIораннан цIарх 400 эзар сом а луш. Цунах лаьцна журналисте Дудь Юрийга шен интервьюхь дийцира репера Моргенштерна.

Дечкен-бутт, 05, шинара

Депутата Хамбиев Мохьмада кхерам тесна гIалгIашна

Нохчийчоьнан Ичкерин министр а лаьттина, Оьрсийчоьнехьа ваьллачу, тахана Нохчийчохь парламентан депутат волчу Хамбиев Мохьмада кхерам тесира ГIалгIайчуьрчу юкъархочунна Султыгов Сираждинна ша инстаграмехула яржийначу видео чохь.

"Тхо беной ду, лаххара а 10 эзар тIом бан а хууш, карахь герз а долуш нах бу тхан Iедалан белахашкахь. Ахь тхан паччахье къамел дина, ткъа иза тхан бено ву, оха ахь цуьнга динчу къамелах хьоьга жоп доьхур ду. …Хьо бIаьрса доцуш ву, хьуна хьайна тIехьа масса стаг ву а ца хаьа. …Хьоьца тахана дуьйна бенойн чIир ю хьуна, нагахь санна ахь къинтIера довлар дехахь, хьовсур ду вай», - бохура шен къамелехь Хамбиевс. Цо иза дар дозу Султыговс Кадыров Рамзане тбинчу видеокхайкхамца. Шен кхайкхамехь гIалгIачо Кадыровга доьхура деношкахь Соьлжа-ГIалахь уьрсаш диттина полисхо вийча хIаллакбинчу вежарийн ТемурзиевгIеран декъеш шайга дIадалар а, оцу бахьаница Нохчийчохь лецна кхобу беллачу ТемурзиевгIаран да-нана а, 20 шо долу йиша а дIахецар.

  • Официалехь йолчу версица, ГIуран-беттан 28-чохь вежарша ТемурзиевгIара - Хасана а, Хьусайна а – 22 шо долу полисхо Джабраилов Мохьмад вийна уьрсаш диттина, лазийна цуьнан белхан накъост. Циггахь вийра и ши ваша а.

Дечкен-бутт, 06, кхаара

Кхин а кхо стаг вийна карийна Соьлжа-ГIалахь

Соьлжа-ГIалахь дайначу шеран ГIадужу-беттан 13-чохь лерина операци йоьдуш лецначу нехан декъеш лаьтте дерзо дIаделла гергарчаьрга. Байъинарш бу Исаханов Ислам, цуьнан зуда Замидова Биназир, хьалхарчун ваша ИбрахIим а, яздо "Керлачу газето" ("Новая газета").

Официалан версица уьш белла Теркан дукъца хиллачу некъан хьовзамехь, Серноводсканий, ГIалгIайчуьрчу Соьлжанний юккъехь. Ткъа Нохчийчуьрчу ФСБ-н урхаллин хаамца, тIе герз диттина карийна машен. Амма некъан хьовзам хьахийна бац Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин хаамашкахь, я кхайкхийна дац алссам машенаш лелачу некъа тIехь герзаш диттина аьлла.

Хаийтина ма-хиллара, 2020-чу шеран ГIадужу-беттан 13-чохь леринчу операцехь вийра виъ стаг. Уьш тIемалой бу, чIагIдора ницкъхоша. Ши Iедалан белхао а вийра цигахь, лазийра цхьаъ.

Дечкен-бутт, 07, еара

UFC латархо Чимаев Соьлжа-ГIала вахарна реза бац нах

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу спортан комментаторша бехкбиллина UFC-н Швецерчу латархочунна, нохчочунна Чимаев Хьамзатна, иза Соьлжа-ГIала вахарна а, цигахь иза маска йоцуш леларна а, яздо латархойн VMMA юкъарлонан сайто.

  • Хьалхо Bloody Elbow журналан корреспондента Зидан Карима в Twitter машанехь критика йира Чимаевна Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан волчу вахарна, Зидана диктатор лору Кадыров.
  • Кадыров Рамзана «Мерседес» машен елла Нохчийчу хьашалгIа веъначу Чимаевна.
  • Чимаев Хьамзат схьаваьлла Нохчийчуьра. Масех шо ду иза Швецехь веха. Шен карьера йолалучу муьрехь буса болхбечу клубашна хадеш хилла иза, къахьегна Швецерчу цхьана фабрикехь а.

Дечкен-бутт, 08, пIераска

Набахтера хьелаш ца тов Царнаев ЖовхIарна

Американ вахархочо, схьаваларца нохчо волчу, Бостонехь терроран тохар дарна набахтехь хан токхучу Царнаев ЖовхIара 250 эзар доллар доьху шена хиллачу цатоманна – лийча аьтто ца бо, коьрта туьллу бандана а дIаяьккхина шегара, аьлла ду цо кхеле дахьийтина арз. Царнаевс щен дIахьедарехь боху, дискриминаци лелайо шеца набахтехь.

Яздо, набахтера хьелаш вон хиларо талхайо шен могашалла а, психика а. Уггаре луьра хьелаш латточу Флоренсерчу (Колорадо штат) набахтехь ву Царнаев ЖовхIар. 2013-чу шеран Охан-беттан 15-чохь Бостонехь кхо стаг а вуьйш, 280 лаза а веш, лелхийтарш дира цуьнан воккхаволчу вашас Тамерлана а, цо а. Тамерлан лоцучу муьрехь вийра.

  • Хьалхо хаам баьржира, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн федералан аппеляцин кхело юхабаьккхина иза вен кхачош бина хилла сацам, аьлла.

Кадыровна шех тарвелла Трамп

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана комментари йина Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан даржехь Iен хан йоьрзуш волчу Трампан Дональдан социалан машанашкара аккаунташ дIакъевлина аьлла кхаьчначу хаамна. Телеграмерчу шен каналехь яздина цо оцу хьокъехь. "ХIинца тхойша гIеххьачул тера ву вовшех: хьалхо со цо социалан машанашкахь блоке хIоттийна хиллахь а, хIинца гIаттаме ваьлла волу Трамп Дональд ша ву блоке хьажийна", - яздо Кадыровс.

Американ Штатийн президентан Facebook и Instagram социалан машанашкара аккаунташ къовлур ю лаххара а 14 денна. Оцу хьокъехь дIахьедина Facebook корпорацин куьйгалхочо Цукерберг Марка. Иза оьшу Iедал керла хаьржинчу президенте Байден Джога маьршша дIадалийтархьама, аьлла цо.

Кадыровн Instagram а, Facebook а машанашкара аккаунташ къевлира 2017-чу шеран Iай, иза санкцийн "Магнитскийн тептара" язвина хиларца доьзна. Оцу бахьаница Mylistory социалан маша биллира Нохчийчохь. Амма нахалахь баржанза бисина и маша. ​

Дечкен-бутт. 09, шотт

Соьлжа-ГIалин Ахматовски кIоштахь дийр ду «Кадыровн маьждиг»

Нохчийчохь хиндолчу рогIерчу маьждигна буха капсула йиллина Соьлжа-ГIалахь. Хир ду и маьждиг гIалин Ахматовски кIоштахь, цIе туьллур ю Кадыров Рамзанан, хаам баржийна "Чечня сегодня" агенталло.

Нохчийчоьнан Iедалан хаамийн гIирсаша дийцарехь, Кадыровн цIе цунна туьллийла лиинарш бу "мехкан куьйгалхочун го а, регионан бахархой а".

  • Нохчийчохь 346 урамна техкина мехкан таханлерачу куьйгалхочун а, цуьнан гергарчийн а цIераш. КадыровгIар схьабевллачу меттигна ярташ герга мел хуьлу а алссам тохку и цIераш.

Дечкен-бутт, 10, кIира

Индонезехь Боинг-737 охьадоьжначохь

Индозин Iедало бинчу хаамца, шоьтан дийнахь хIорда чу "Сривиджая Эйрлайнз" авиакомпанин кема чудоьжначохь карийна цуьнан дакъош. Кема ирхдаьллачу пхоьалгIачу минотехь хаьдда цуьнца зIе. 62 стаг хилла кеманца, экипажах 12 а волуш.

Дийна ца висина цхьа а. Джакартера Понтианаке (Малхбузера Калимантан провинци) доьдуш хилла кема. Джакартерчу полицинохаийтарца, хин бухара хьалайохуш ю экипажан хIуманаш а, беллачийн декъеш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG