ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керлачу шеран дезачу деношкахь кхин тIе а яьржина коронавирус Къилбаседа Кавказехь


Къилбаседа Кавказан Федералан гонашкарчу регионашкахь байначу беттан тIаьххьарчу дийнера Дечкен-беттан 10-чу дийне кхаччалц 9 252 стагца къаьстина коронавирусан инфекци. «Стопкоронавирус.рф» официалан ресурсо бина цунах хаам, яздо РБК агенталло.

Ставрпополан кIоштахь 2 675 вахархо билгалваьлла ун долуш, Дагестанехь - 1 744, Нохчийчохь - 1 093, ГIебарта-Балкхаройчохь - 1 092, ГIалгIайчохь - 784, Кхарачой-Чергазийчохь - 939, Къилбаседа ХIирийчохь - 925 стаг.

Верриг а Къилбаседа Кавказан Федералан гонашкахь пандеми яьржичхьана ковидан ун кхийтира 130 675 стагах.

Керлачу шеран дезачу деношкахь дарба а хилла, лазартнешкара аравалийтина 9 876 стаг.

Ун даьржичхьана гIоле хилла 113 237 дархочунна.

Иштта юьххьехь билгалъяьккхинчу хенаца Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах велла 149 пациент. Ставрополан махкахь – 72, Дагестанехь – 41, ГIебарта-Балкхаройчохь-20, ГIалгIайчохь -9, Нохчийчохь – 5. Ун хааделлачу хенахь дуьйна верриг а кхелхинарг ву 2 620 стаг.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG