Къилбаседа Кавказехь яхначу буса – дийнахь велла коронавирусан уьнах 32 дархо, вирус къаьстина кхин а 1 170 стагаца. Оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла COVID-19 уьнах 15 дархо, Ставрополан махкхаь – ворхI, Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а кхоккха, ГIебарта-Балкхаройчохь шишша, ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а цхьацца кхелхина.
Вериг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана кхелхина уьнах 6 197 дархо.
ТIаьххьарчу 24 сахьтехь хIоттийначу статистикаца, кхаьсттина дукха бу вирус кхетта нах Ставрополан махкахь – 240 стаг.
- Ставрополан мохк + 240 (37 748 ву эпидеми яьржичхьана)
- Краснодаран кIошт + 193 (29 790)
- Дагестан + 158 (25 205)
- ГIебарта-Балкхаройчоь + 97 (16 912)
- ГIалмакхойчоь + 89 (15 794)
- Къилбаседа-ХIирийчоь + 83 (12 932)
- Нохчийчоь + 82 (97 26)
- Кхарачой-Чергазийчоь + 81 (16 058)
- ГIалгIайчоь + 76 (12 911)
- Адыгей + 71 (11 867)
Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирус кхетта ву аьлла, билгалваьлла 188 943 стаг. Iедалхойн информацица, йоллу Оьрсийчохь ун токхуш ву 3 425 269 пациент.