ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинца а, Алиевца а цхьанакхета Москва веана Пашинян


Пашинян Никола
Пашинян Никола

Эрмалойчоьнан премьер-министр Пашинян Никола Москва кхаьчна. Ломарчу Карабахехь лаьттачу хьолах дийцарш дIахьур ду цо Оьрсийчоьнан а, Азербайджанан а президенташца Путин Владимирца а, Алиев Ильхьамца а. ТАСС агенталло яздарехь, оршотан дийнахь бина и хаам Эрмалойчоьнан Оьрсийчуьрчу посоло Тоганян Вардана.

Масех сахьт даьллачул тIаьхьа цхьанакхетар болуш бу уьш аьлла, Фейсбукерчу шен пена тIехь хаийтина Эрмалойчоьнан премьеран пресс-секретаро Геворкян Манес. Иштта, цо билгалдаккхарехь, къамелаш дирзинчул тIаьхьа официалехь зорбане йоккхур ю хиллачу къамелан пресс-релиз.

Советан Iедал духучу шерашкахь йолаелла Ломан Карабахца йоьзна Азербайджананний, Эрмалойчоьнанний конфликт. Доккхачу декъанна тIехь алссам эрмалой бехачу Ломан Карабахо шен йозуш яцар дIакхайкхийра, амма Азербайджано къобал ца дира иза. Болабелла тIом сецира I994 шарахь, вийнера шина а агIор 30 эзар гергга стаг, бIеннаш эзарнаш буьйхира хIусамех. Карабах а, цунна гонахара масех кIошт а ю эрмалойн ницкъийн карахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG