ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн блогерна Абдурахмановна тIелатар диначарна хенаш кхайкхийна


Абдурахманов Тумсо

Швецехь оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона вен Iалашонца тIелатар динчу Оьрсийчуьрчу бахархойн хьокъехь шаьш бина сацам бовзийтига Швецин суьдхоша. Кхеле хIоттийначу Мамаев Русланна набахтехь даккха итт шо хан кхайкхийна, ткъа цуьнан декъахочунна Шапиаева Эльмирина бархI шо.

Шведахойн прокуроро Линдквист Пера бахарехь, Нохчийчоьнан хиллачу президентна Кадыров Ахьмадна йина критика бахьана долуш дина хилла блогерна тIелатар. "Талламчийн лараш Соьлж-ГIала йоьлху", - дIахьедина Линдквиста, Евле гIалахь кхелан ладегIарш доьлхучу хенахь, яздо Шведехь арадолучу Aftonbladet газетано.

Лурчаха Зазадокху-баттахь Абдурахмановс йинчу критикана тIехула блогерна чIир кхайкхийра нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада.

Кхелан процессехь къастийна, кIело кечйина хилар. Дийцарш дIахьош цхьанакхетарш хуьлуш хилла церан Москвахь а, Соьлж-ГIалахь а. Цул совнах, Литвахь эцна машен тIаьхьо Швеци ялийна а хилла. Блогер вуьйриг Мамаевна 60 эзар евро ахча лур ду аьлла, чIагIо йина хилла.

Кхелан сацамехь билгалдаьккхина, Мамаевна а, Шапиаевана а тIедожийна хиларх Абдурахмановна дала 140 эзар шведийн кронашкахь компенсаци. Набахтехь тоьхна хан яьккхинчул тIаьхьа даймахка депортаци йийр йолуш ю шинне а, юхабахка бакъо а ца юьтуш.

  • Чиллан-беттан 26-чу дийнахь Швецерчу Евле гIалахь дира Абдурахмановна тIелатар. Официалехь йоцчу информацица, Оьрсийчуьра веана Мамаев Руслан ву иза динарг. Блогеро чIагIдарехь, Соьлж-ГIалара Iабдурахьман цIе йолу стаг ву киллер ваийтинарг. Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь Оьрсийчоьнан кхин ши вахархо а лаьцна Швецехь Абдурахмановна динчу тIелатарца доьзна.
  • Яхначу аьхка Швецин полицино хаам бира Абдурахманов вен г1оьртинчаларахь Хасханов Имран а ву аьлла.
  • Нохчийчуьрчу куьйгалхошна оппозицехь лаьтта блогер ву Абдурахманов Тумсо. Iедало шена тIе зуламаш хьерчо долийча битина цо шен даймохк.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG