ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шведийн прессехь емалдина UFC-н латархо Чимаев Хьамзат Кадыровх кхетар


Чимаев Хьамзат а, Кадыров Рамзан а
Чимаев Хьамзат а, Кадыров Рамзан а

UFC-н латархо Чимаев Хьамзат емалвина Швецерчу бакъоларъярхоша, Нохчийчу а вахана, мехкан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца суьрташ дахийтарна. Aftonbladet газетано бина цунах лаьцна хаам.

Зорбанехь бакъоларъярхоша йитинчу комментарешца, регионехь хуьлучух жоьпалла Кадыровна тIехь ду, ЛГБТ-н векалшна тIаьхьа бовларца, нах бойъуш, царна тIехь къизаллаш лелоре кхаччалц.

"Диктатура ю иза, нах Iадийна", - дIахьедина Amnesty International организацин векало Хеденборг Амис. Цунна хетарехь, Чимаевца кхин дIа йолчу хенахь летар болчу спортхойн репутаци йожа тарло.

"Нохчийчохь адамийн бакъонашца долу хьал инзаре ду, - аьлла Евразин йозуш йоцучу экспертийн организацин администраторо Букштынович Иннас. – Жигархоша а, бакъоларъярхоша дIахьедо оцу регионехь нах лоьцуш, царна дуьхьал харц зуламан гIуллакхш дохуш, царна тIехь ницкъ латтош хиларх. Де-дийне тхуна гуш ду, хьал оьшуш ду цигахь".

Букштыновича бахарехь, Чимаев Хьамзатан бакъо ю Кадыровна тIетан, амма цуьнца даьхна суьрташ гича, фанатийн дог дала тарло цунах.

Бритнахочуьнца Эдвардс Леонца шозза а латар юкъахделира Чимаев Хьамзатан: цкъа британхочух, тIаккха Чимаевх коронавирусан ун кхетарна. Эххар а Нохчийчу вахара Чимаев, цигахь шен социалан аккаунташкахь даржийра цо Кадыровца даьхна суьрташ.

Иштта, Швецерчу спортхочо Чимаев Хьамзата Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан карара схьаэцна "Мерседес" машенан догIанаш.

"Спортан «Ахмат» клубан декаъшхошца цхьаьна оха тIеэцна иза Соьлжа-ГIалахь", - билгалдаьккхина Кадыровс.

Цунна баркалла аьлла шен инстаграм-постехь Чимаевс а.

Хьалхо а хилла ММА-н спортхо Нохчийчохь. Суьрташ ду даьхна, социалан машанашкахула лелаш, царна тIехь ницкъхойн духар а доьхна, автомат карахь ву Чимаев. Оьрсийчоьнан низамаша доьхку "пачхьалкхан васташ тIехь долу тIеман, къепелатторан, тIехьажаран организацийн духар лело" оцу урхаллашкахь болхбеш боцучарна – административан гIуда ду тухуш, ткъа герз лелорна озаво бехктакхаме.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG