ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. Лулахойн бешахь


Лулахойн бешахь

Мотталой хьуна суо веза,
Елалуш аьлча ахь дош
Воьрзура лулахойн бешахь
Дуьтий со кийрара дог.

ЦIийделла догIун и Iежаш
Суна а дохура ахь.
Лоькхура гIалара эшарш,
Лепош малх беснешна тIехь.

БIаьста а цу беша воьду.
Гурахь а цигахь ву со.
Зарздоьлла можа гIаш хьоьшу
Я гонах кIайн заза го.

Цхьаммо а со тIе ца воьху,
Iежаш а ца кхийдадо.
Цкъа хилларг, хуьлий, дIадоьду.
Хан юха ерза ца ло.
1974 ш.

XS
SM
MD
LG