ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. Самах, гIенах...


***
Самах, гIенах езаелларг,
Хьо со воцчохь ма Iа ло?!
Хаза яй хьо-м, декъал хиларг,
Безам хьеста хьан даго!

Буьйса дийнах къаста ца луш
Алу хилла сан дагах.
Цо хьийзаво. Кийра моьрцу.
Сох къахета. Схьаяло.

Дитташа шайн дашо месаш
Лестош гурахь эгайо.
Винчу кIантал хьоьха хьаьгна,
Сан нанас а сагатдо.

Муьлур вайша лаьмнийн шовда,
Летор вайша дегнех цIе,
Цкъа а вовшех кхин ца довлан,
ТIекхачийта ирсан де.

Самах гIенах езаелларг,
Хьо со воцчохь ма Iа ло?!
Хаза яй хьо-м, декъал хиларг,
Безам миэла хьан даго!

XS
SM
MD
LG