ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. ХIинца яц хьо хьалха санна...


please wait

No media source currently available

0:00 0:00:36 0:00
Линкана тIе

****
ХIинца яц хьо хьалха санна.
Хийцаелла. Хьоьжу тIех.
ХIун хили-те цу хьан дагна
ТIех хьаьгнилий хиъча шех?

БIаьсте хаза-м дера яра
Заза Iенош, къарзбеш бай,
Iамош вовшех дагадийла,
Вовшийн деза Iамош вай.

Шелйи ахь сан деган аре,
Мархаш тIехьа саций малх,
ХIинццалц чехка лелла бIаьсте
Боларна а гIелйи ахь.

Хила соьца хьалха санна.
Сан хьал юха дерзаде.
Хазде синтем боцчу дагна
Беттан буьйса, маьлхан де.

1977ш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG