ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. Хьо-м хьаха хиллера адам...


please wait

No media source currently available

0:00 0:01:00 0:00
Линкана тIе

***
Хьо-м хьаха хиллера адам.
Хьо-м хьаха хиллера зуда хирг
Къонахий къонахий хиллехь,
Со ца тиллехь.
Тилла, кху дуьненан архаша
Гура а лаьцна,
Ваьцча,
И гур а гур ца карийра,
Вацар а эрна карийра.
Дахаран хиллера бегаш
И
Со ца кхеташ.

Хьо-м хьаха хиллера адам.
Хьо-м хьаха хиллера зуда хирг
ХIумма а тIаьхьа ца хиллера
Кху дуьненчохь.
ЖовхIар дIадиллина хиллера.
Карий и дIадиллинчунна
ДIадиллинчохь –
Дагчохь.

Хьалхачул бIаьргашна гин са.
ХIинца
Воьлла со ирсана пис
Дерриг а кху денна дитинчу,
Кхин мел дерг дерриг а нисдинчу
Дахаро нис ца вахь
Шен пхьалгIахь.

Хьох иддарг хиллера-кх и со - ирс.
Хьо-м хьаха хиллера зуда хирг!
1993 ш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG