ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьехош импичмент а йолуш, Трамп а, Пенс а цхьаьнакхетта, Капитолехь къепедацарш хиллачул тIаьхьа дуьххьара


Президент Трамп Дональд а, вице-президент Пенс Майк
Президент Трамп Дональд а, вице-президент Пенс Майк

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Трамп Доналд а, вице-президент Пенс Майк а цхьаьнакхетта Вашингтонехь Дечкен-беттан 11-чу дийнахь. Цаьршимма гайтина президенто шен даржехь яккха езаш йолу хан цо йоккхур хилар, дIадаханчу кIиранах Капитолина тIелатар дар бахьана долуш хенал хьалха оцу даржера дIаваккха гIертаран Iаткъам ловш велах а.

Овалан кабинетехь хилларг дуьххьарлера цаьршина цхьаьнакхетар дара Дечкен-беттан 6-хь Трампан агIончаша, дуьхьалонан акци дIахьуш, Пенс гIантда а волуш, Капитолехь кхеташо хиллачул тIаьхьа. Иза яра Конгрессан шина а чоьно дакъалоцуш йолу хьаржинчу президенто Байден Джос толам баккхарна хьажийна.

Президентан администрацерчу лаккхарчу даржерчу Iедалхочо зорбан гIирсашка бинчу хаамца, Трампа а, Пенса а "дика къамел дира". Iедалхочо билгалдаьккхира Пенс дагахь цахилар, Конституцин 25-чу тIетохарна тIе а тевжаш, Трамп шен декхарш кхочушдан хьакъдоцу президент санна, даржера дIаваккха лаам болчу демократаш бохучунна кIелтаIа.

Трамп а дагахь вац даржера дIавала, Дечкен-беттан 20-чу кхаччалц презизедентан декхарш кхочуш дан шен бакъо хиларна.

Болчу хаамца, Пенс вуно огIазвахна вара Трампана, харжамашкахь харцонаш лелорах лаьцна дIахьедарш а дина, шен агIончаш цо Капитолина тIе марш ян карзахбахарна.

Президенто Трампа а, хьул а ца деш, критика йира Пенсана, цунна къонахалла ца тоьъна аьлла, Конституци йохорна харжамаш харц бан. Векалаллийн чоьнан конгресменаш-демократаша Трампана импичмент кхайкхоран шолгIа процесс йоло бух биллира кхубеттан 13-хь, нагахь Пенса а, министрийн кабинето а иза даржера дIа ца ваккхахь я шен лаамехь иза дIа ца валахь аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG