ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн жигархо лачкъорца доьзна бехкзуламан гIуллакх долийна (+видео)


"IAdat" Telegram-каналан модератор Тепсуркаев Салман лачкъорах бехкзуламан гIуллакх диллина Оьрсийчоьнан Талламан комитето. "Iазапашна дуьхьалояран Комитето" бина цунах лаьцна хаам.

Организацин юристаша шайггара талламаш бича, церан каракхаьчначу тоьшаллашца билгалдаьлла, Нохчийчуьра полисхой оцу гIуллакхна гунахь хилар.

"Тепсуркаев лачкъочу заманчохь камераша дIаязйина видео дIакхачийна бакъоларъярхоша талламчашка, иштта, иза вадочу нехан машенех информаци а. Юкъаралхойн гIоьнца аьтто баьлла, цхьахйолу машен Нохчийчуьрчу полисхочун долахь хилар къастон", - билгалдоккху Комитетан белхахоша.

Краснодаран кIоштарчу талламчаша ГIадужу-баттахь шаьш гулйина материал Нохчийчуьрчу Iедалхошка дIакхачийнера, Тепсуркаев лачкъийначийн машено Нохчийчоьнан доза хадийна хиларна. Оццу дийнахь Соьлж-ГIаларчу Талламан комитето дуьхьало йира бехктакхаман гIуллакх доло, зуламан хилам бац оцу гIуллакхца аьлла.

Нохчийн талламхоша кхозза тIе ца дитира зуламан гIуллакх делла, тIаьххьара юхатеттинера цара байначу беттан 3-чохь. ХIетте а, 2020-гIа шо довш Краснодаран кIоштан Талламан комитето бехктакхаман гIуллакх даьстира стаг вадорца доьзна.

  • Гезгамашин-беттан 7-чу дийнахь 1ADAT пабликехь араелира Тепсуркаев Салмана ша редакце хьажийна боху видео. Ша IADAT пабликехула махкарчу нехан наношна а, зударшна а вон мел дерг баьхна машанехула, царна ша баьхнарг шена дуьхьалдаьлла, цундела ша до шена таIзар, аьлла, верзина ваьлла волу Тепсуркаев хиира шишанна тIе.
  • Шена шишанна тIехаа я тапча тохийта битинчу шина харжамах цхьаъ бу ша къастийнарг, бохура жимчу стага. Хууш ду иза Iедалхоша лаьцна, Геленджикера Соьлжа-ГIала вигинийла. Шен цIийнах кхетаза ву хIинца а, цкъачунна хууш дац цунах хилларг.
  • "Кавказского узел" газето яржийначу информацица, ши бутт хьалха Нохчийчохь лачкъийра лаххара а 53 стаг, байначу а, карарчу а беттанашкахь цIера бигина иттаннаш кегийрхой. Доккхачу декъанна и нах идийна Тепсуркаев Салманан контакташ лохуш а, Европерчу нохчаша мехкан Iедална критика еш араюьйлу материалаш ешарна, цаьрга хьийсарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG