ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Инаугураци тIекхочуш чолхечу хьолан раж кхайкхийна Трампа Вашингтонехь


Американ президенто Трамп Дональда чолхечу хьолан раж кхайкхийна Вашингтонехь (Колумби го), хаам бо "Амеркан озо". Иза яхлур ю Дечкен-беттан 24-чу дийне кхаччалц. Цуьнах лаьцна дIахьедина КIайн ЦIийно, тIедогIучу кIиранах хир йолу хаьржинчу президентан Байден Джо-н наугураци дIайоьдуш кхерамазалла йохо мегаш ю аьлла, Iедалхоша шаьш саготта хиларх лаьцна хийтинчул тIаьхьа.

"Рейтер" агенталло бинчу хаамца, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Трамп Доналд а, вице-президент Пенс Майк а цхьаьнакхетта Вашингтонехь Дечкен-беттан 11-чу дийнахь. Цаьршимма гайтина президенто шен даржехь яккха езаш йолу хан цо йоккхур хилар, дIадаханчу кIиранах Капитолина тIелатар дар бахьана долуш хенал хьалха оцу даржера дIаваккха гIертаран Iаткъам ловш велах а.

Дечкен-беттан 20-хь хир йолчу хаьржинчу президентан Байден Джо-н инаугураце кхайкхина Америко Оьрсийчоь. Оцунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло. Гарехь, цигахь дакъалаца мегаш ву Оьрсийчоьнан Америкехь волу векал Антонов Анатолий.

Ша Трампа дIахьедина, ламаст делахь а, инаугурацехь хир вац ша аьлла. Иза дуьххьарлера Американ президент хир ву ша кхайкхар юхатоьхнарг, XIX-гIа бIешо юккъе даьлчхьана дуьйна схьа лаьрча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG