ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 34 дархо. Ун даьлла кхин а 1 174 стагана


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавиусан уьнах велла 34 пациент, ун даьлла кхин а 1 174 стагана. Инфекци ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабо динчу зерашца, Краснодаран кIоштахь велла 16 дархо, Ставрополан махкахь бархI, Дагестанехь пхиъ, ГIалмакхойчохь шиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалгIайчохь а, Адыгейхь а цхьацца кхелхина.

Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла COVID-19 вирусах 6 231 стаг.

Къаьсттина дукха хаабелла ун даьлла нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь Ставрополан махкахь – 243 стаг.

  • Ставрополан мохк + 244 (37 991 ву эпидеми яьржичхьана)
  • Краснодаран кIошт + 196 (29 986)
  • Дагестан + 156 (25 361)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 96 (17 008)
  • ГIалмакхойчоь + 86 (15 880)
  • Нохчийчоь + 85 (98 11)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 82 (16 140)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 81 (13 013)
  • ГIалгIайчоь + 80 (12 991)
  • Адыгей + 69 (11 936)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан инфекци йолуш ву 190 117 стаг. Iедалхойн хаамца, Оьрсийчохь ву ун токхуш 3 448 203 дархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG