ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь байъинчу ТимурзиевгIеран гергарнаш дIахецна Iедалхоша


Байначу беттан 28-чохь Соьлж-ГIалахь вийначу ТимурзиевгIеран шина вешин гергарнаш маьршабаьхна. Церан тайпанан векало Султыгов Рамзана бина и хаам.

"Тимурзиев Ахьмадхан а, цуьнан хIусамнана а, йоI а цIа бахкийтина, карарчу хенахь ГIалгIайчохь бу уьш", - аьлла, яздина цо яхначу буса фейсбукерчу шен агIонехь.

Шина кIиранчохь полисхоша лаьцна латтийра ТимурзиевгIеран Хьасанан а, Хьусейнан да-нана а, йиша Зарета а. Террорхойн организацешца церан юкъаметтигаш хиллий хьовсуш, зераш дира ницкъаллийн структурийн белхахоша.

Вийначу шина вешин ненайишин Дарсигова Томин аьтто баьллера Соьлж-ГIала а еана, шен йишин жимахдолу кхо бер дIадига ГIалгIайчу.

Соьлж-ГIаларчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь дIахьединера, байначу беттан тIаьххьарчу дийнахь уьш маьршабохур бу шаьш аьлла, амма цу дийнахь а дIа а хийцира уьш.

Карладоккху, байначу беттан 28-чохь Соьлж-ГIалахь инцидент хилира цхьа полисхо Джабраилов Мохьмад вуьйш, шолгIаниг лазош. Оцу сохьта вийра тIелеттачух цхьаъ, важа дарбан хIусамехь кхелхира йинчу чевнех.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо хьем ца беш, дIахьедира, ГIалгIайчуьра схьаваьлла ши ваша Тимурзиев Хьасан а, Хьусейн а хиллера и шиъ аьлла. Некъаца ха латточу полисхошкара герз даккха гIоьртинера и шиъ, цо дийцарехь.

"Шайца дуккха а нах балош, шайна гечдар деха тхуна тIебахка безара уьш. Лазийна, дарбан хIусамехь волчу полисхочунна тIехIиттина, иза а къинтIера ваккха дезара цара. Массара а ладоьгIура цаьрга", - аьлла телеканалан директоро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG