ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Подмосковьехь ша шена тоьхна велла ГРУ-н эскархойн декъан командир


ГРУ-н Москвара штаб
ГРУ-н Москвара штаб

Подмосковьехь ша-шена тоьхна велла Москван областан Ступинский кIоштахь туп тоьхначу "Мещерино-I" (№30258) эскархойн декъан командир. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло, низамашлардон органашкарчу хьастана тIе а тевжаш, яздо "Радио Свобода" зорбан гIирсо.

Болчу хаамашца, и эскархойн дакъа ду Оьрсийчоьнан Инарлин штабан коьртачу талламан урхаллан (космосан таллам хила мегаш), ГРУ аларца евзаш ю и урхалла.

Кхелхинчу командиран цIе йоккхуш яц. Болчу хаамашца, 2017-чу шеран Охан-баттахь дуьйна оцу тIеман декъана куьйгалла деш вара Попов Игорь.

Эпсар ша шена тоьхна валаран бахьанаш дуьйцуш дац. Болчу хаамца, цунна гIо дан гIиртина лоьраш, амма иза велла сихонан гӀоьнан лоьрийн карети чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG