ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь некъан низамаш дохийна хьаькамаш а, полисхой а жоьпе ийзор болуш бу


Дахначу шарахь Нохчийчуьрчу некъаш тIехь 900 эзар гергга меттиг бу низамаш ца лардина. Дуьхьал йогIучу машенийн новкъа буьйлуш, сфетофор латталц ца совцуш а шогаллица барамаш талхабо, доккхачу декъанна. Регионан Iедалхой лерина бу тIейогIучу хенахь некъан низамаш дохочаьрца къийсам латтон, къаьсттина бехк боккхур бу хьаькамашкара а, ницкъахошкара а.

Дахначу шарахь некъаца хиллачу бохамех дуьйцучу оперативан штабан кхеташонехь дина оцу кепара дIахьедар Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Яздо REGNUM агенталло.

Кадыровс бахарехь, ницкъаллийн структурийн белхахой арабаьхна ца Iаш, некъашца къепе ларъян тIеийзор бу юкъаралхой а, доьзалан институт а.

Оцу доллучунна а тIехь терго латто хIоттийна Нохчийчоьнан министрийн кабинетан гIовс Висмурадов Абузайд. ХIинццалц оперативан штабан урхаллехь вара нохчийн парламентан спикер Даудов Мохьмад.

2018-чу шеран ГIуран баттахь Соьлжа-ГIаларчу некъахьовзамехь йийра 1996 шарера зуда а, стаг а, церан 3 шо долу йоI а. Бохам хиллера Ханкальская урамехь. Вовшахкхеттарг яра ВАЗ 2107 а, Mercedes Benz а. Кхелхинарш хьалхарчу машенахь хилла. Коьрта бахьана ду, дихкинчул а машен чехка йигар.

Дийцарехь, Mercedes-ан урхалла деш хиллера Шела кIоштан администрацин куьйгалхо, Нохчийчоьнан урхалхочун шича Ибрагимов Турпал-Iела (Быстрый). "Кавказ.Реалии" порталан информацица, бохаман тешаш хиллачаьргара телефонаш дIайохуш хилла Ибрагимовс, суьрташ, видео социалан машанашкахула цаьрга дIаса ца даржадайта.

Хаа а хууш, некъан низамаш ца лардийраш террорхой бу, царна ден таIзар луьра хила деза аьллера Кадыров Рамзана 2015-чу шарахь. Ишта цо чIагIо йира, некъан низамаш хьошучарна таIзар дийр ду ша, шен гергара нах а цхьана юкъара а ца бохуш, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG