Ницкъахоша вигина 27 шо долу Кабилов Ахьмад бохуш, чIагIдо цуьнан гергарчара. Бакъоларъяран "Мемориал" центро бина цунах лаьцна хаам. Шен ненаца цхьана вехаш хилла Кабилов Соьлж-ГIаларчу Заводской кIоштан Андреевская Долина олучу меттигехь.
Стохка, ГIуран-беттан 29-чохь Ахьмад а, цуьнан нана Кабилова Лида а Iачу хIусамна чулилхира герзашца, Iаьржа духаршца а, туьтмIаьжгашца а волу пхийттех стаг.
"Шаьш муьлш ду а ца хаийтира цара, цхьана а кепара кехаташ а ца гайтинера, Ахьмадан нанас динчу цхьана а хаттарна жоп а ца деллера цара. Уггар а хьалха Ахьмадах катоьхна, уьйтIа ваьккхина иза, йовха бедар тIеюха а ца кхиош. Цул тIаьхьа цIийнах хьоьвсинера, иштта чуьра Ахьмадан цхьаъ а, ненан шиъ телефонаш а дIаяьхьинера шайца. ЦIийнах хIуммаъ ца карийнера. "Полке дIа а вигина, хье ца веш, юхавалор ву" аьлла хиллера нене", - хаамбо "Мемориало".
Бевзаш боцучу полисхоша Дечкен-беттан 6-чохь Кабилова Лидин цхьахйолу телефон юхаеанера. Ахьмадан гергарчара орца дехначу меттигерчу куьпах жоп лучу полисхочо аьллера цаьрга, кеста цIа воуьйтур ву кIант аьлла. Цул тIаьхьа ши де даьлча хаийтинера цо Заводской кIоштан полицин декъехь ву иза, "цуьнга бехк кховдо дагахь бу" аьлла.
"Кабиловх лаьцна кхин цхьана а кепара информаци яц цуьнан гергарчаьргахь. Полке а баханера уьш, цигахь дехар динера цара шайн кIантах дерг дийцахьара аьлла. Кабилов шаьш долчу валийна вац аьлла хиллера цара. Изза жоп деллера Соьлж-ГIаларчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхалехь а. Делахь а, цхьана официалан инстанци кехат чу ца делла цара", яздо "Мемориалан" бакъоларъярхоша.
КIирандийнахь Кабиловн цIийнах болу нах бакъоларъярхошка бевлира. Талламан комитете латкъамбан дагахь бу уьш.
Шега догIучунна, бакъо йоцуш Кабилов Ахьмад вигина хиларх кехаташ дахьийтина "Мемориало" Талламан комитете а, прокуратуре а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралле а. Цул совнах, бакъоларъярхой лерина бу Европан адамийн бакъонийн кхеле бовла а.
- Нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" организацино хаамбарца, Ахьмад пхеа вешех жимахверг ву. Лурчаха лачкъийна вигинчу Ахьмадан вешех Мохьмадах тахана а хууш хIума дац.
- 2015-чу шарахь нохчийн гIаттамхойх дIакхеттачул тIаьхьа лар йоцуш вайра иштта Кабилов Зайнди а.
- 2003-чу шарахь, Нохчийчохь тIемаш лаьттачу заманчохь, тIепаза вайра Кабилов Мовлди.
- 1995-чу шарахь дийна воллушехь шен деда вагийначул тIаьхьа кIелхьарваьллачу Кабилов Бухарина хан туьйхира гIаттамхойн могIаршкахь хилла ву аьлла. Цхьана ханна ша маьршаваьккхича ка елира цуьнан Оьрсийчуьра вада.