ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вийначу Францерчу хьехархочун гIуллакхна тIехула кхин а 7 стаг лаьцна


Хьехархо Пати Сэмюэл вер толлучу юкъанна Францехь шеконаш кхоллаелла лаьцна кхин а ворхI стаг. Терроризмца къийсам латточу декъо а, Коьртачу чоьхьарчу кхерамзаллан урхалло а юкъахь лецна и нах.

Францин гIаланашкахь Лионехь а, Тулузехь а, иштта, кхин а шина департаментехь а талламаш бу дIахьош. Лецначарлахь нохчий хилла ца Iа, шеконашка эцначу цхьаболучеран инстаграмехь а, Snapchat олучу машанехь а зIенаш хилла хьехархо вийначуьнца, яздо Le Point ресурсо.

Верриг а оцу гIуллакхна тIехула лаьцна ву 14 стаг. Нах а бойъуш, зуламаш лелон Iалашонца оцу наха вовшахтоьхна хила тарло террорхойн тоба аьлла, хьесап дина полицино.

Цул совнах, оцу нахана бехкаш дехкина, стаг вуьйш юкъарлонаш лелорна а. Мел лахара а, ялх стаг лаьцна витина Iедалхоша, бисинарш кхиазхой бу аьлла, кхелахоша терго а латтош, битина.

47-шо долу Пати Самюэль вийна дахначу шеран ГIадужу-беттан 16-хь. Цул хьалха цо дешархошна урокехь дешан маьршо йийцаре еш гайтина хиллера Charlie Hebdo журналана тIехь араевлла Мохьаммад-Пайхамарна ехкина карикатураш. Цул тIаьхьа кхерамаш туьйсуш хиллера цунна. Хаамашкахь яздарехь, хьехархо вийна Нохчийчуьра схьаваьллачу Анзоров IабдуллахIа. Лоцучу заманчохь шайна дуьхьало йича полисхоша герз тоьхна вийнера иза. Анзоров дIавоьллина Нохчийчуьрчу Шалажахь ГIуран-беттан 6-хь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG