ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалара Дубай кхин а цхьа кема лелар ду


Дубайра аэропорт

Utair авиакомпанино шинарин дийнахь дуьйна шолгIа рейс юкъаяьккхина Соьлж-ГIалара Дубай. Компанин пресс-центро бина цунах хаам, яздо ТАСС агенталло. Хьалхо бинчу хаамца, байначу беттан 27-чу дийнера схьа дуьйна Соьлж-ГIалара Дубай кеманаш лела дуьйладелла хIора кIиранан деношкахь.

"Utair компани Iарбойн Эмираташка рейсаш алсамъяха хьийза. Дечкен-беттан 12-чу дийнахь дуьйна, пассажирийн дехарца, кхин а цхьа кема гIоттур ду Дубай", - аьлла ду хаамехь.

Шинарин деношкахь йийр ю шолгIа рейс. Ший а кема цхьана хенаца лелар долуш ду: 14:40 минот яьлча Соьлжа-ГIалин аэропортера гIоттур ду, 20:05 минот яьлча Дубайра Соьлж-ГIала некъ бийр бу.

"Аэрофлот" а, S7 а, "Уральские авиалинии" а авиакомпанешлахь 4-гIа яккхийчех лоруш ю Utair. Лурчаха цуьнан кеманашца дIасалелла 7,7 миллион пассажир.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG