ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь ковидах велла 40 дархо. Вирус кхетта 1 166 стагана


ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца, Къилбаседа Кавказехь коронавирусах кхелхина 40 пациент, ун даьлла кхин а 1 166 стагана.

Инфекци ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла COVID-19 вирусах 15 дархо, Ставрополан махкахь - ворхI, Дагестанехь - ялх, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а велла кхоккха стаг, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIалмакхойчохь а велла шишша, Нохчийчохь а, Адыгейхь а цхьацца.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана кхелхина уьнах 6 271 пациент,

ТIаьххьарчу дийнахь-буса динчу зерашца, къаьсттина дукха бу COVID-19 вирус кхетта нах Ставрополан махкахь - 239 стаг.

Ставрополан мохк+ 239 (38 230 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIошт + 197 (30 183)
Дагестан + 159 (25 520)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 97 (17 105)
ГIалмакхойчоь + 93 (15 973)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 82 (13 095)
Нохчийчоь+ 80 (98 91)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 80 (16 220)
Адыгей + 72 (12 008)
ГIалгIайчоь + 67 (13 058)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь ун ловш ву 191 283 вахархо. Оперативан штабан информацица, йоллу Оьрсийчохь ву COVID-19 вирус кхетта 3 471 053 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG