ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша Оьрсийчу юхавогIуш ву, аьлла Навальныйс. Иза лаца хьийза Iедалхой


Ша Оьрсийчу юхавогIуш ву аьлла, дIахьедина оппозицин политико Навальный Алексейс. Цо дийцарехь, кху беттан 17-чу денна Москва доьдучу кемана билет эцна.

"Суна хьалха цкъа а ца лаьттина, юхавахча хIун дара-те, ца вахча хIун дара-те боху хаттар, хIунда аьлча, со дIавахна вацара. Реанимацин ботт чохь валийна вара со кхуза, со вен гIорторна", - аьлла, дийцина политико социалан машанехь.

Товбеца-баттахь дуьйна ву Навальный Германехь. Лоьрийн кеманца кхачийра иза Берлине Омскерчу дарбан цIийнера. Масех лабаратореша тIечIагIдина, Оьрсийчохь арахецна, "Новичок" олу дIовш цунна делла хилар. Дарба лелийначул тIаьхьа Германехь реабилитацех чекхволуш вара иза хIинццалц.

Оьрсийчоьнан Iедалша тIе ца дуьту, шаьш политикна тIелетта бохург. Делахь а, дIахьош талламаш бац.

ФСБ-н белхахой хила тарло коррупцица къийсам латтон Фонд йиллинчунна тIелеттарш аьлла, билгалдаккха аьтто хилира дуьненаюкъарчу журналистийн тобан. Оцу инцидентца шаьш доьзна дац бохуш, дIахьедо Кремло.

"Со вен омра дина Путин шен бункер чохь мохь оьхуш ву, шен хьадалчашка хIуъа а дай а, со юха ма ваийта бохуш, - дIахьедира дахначу кхаарин дийнахь Навальныйс. - Даим а санна, цуьнан хьадалчаша керла бух боцу гIуллакхаш ийдо суна дуьхьал. Оьрсийчоь - сан пачхьалкх ю, Москва - сан гIала ю, сан царна сагатло".

Дуьненан ШолгIачу тIамехь дакъа лаьцначу ветеранах доцург дийцина аьлла, бехкзуламан гIуллакх диллина Навальныйна дуьхьал Оьрсийчохь. Оцу артиклехь цунна гIуда а кхачадо, иштта 240 сахьтехь маьхза белхаш бар тIе а дожадо.

Федералан таIзар кхочушдарна тIехь терго латточу урхалло (ФСИН) кхелахошна тIедожийна, 2014-чу шеран гIуллакхна тIехула Навальный 3,5 шарна набахте хьажаве аьлла. Арахь яккха хан а тоьхна, витинера иза хIетахь. ФСИН-о дIахьедо, арахь яккха тоьхначу хенан низамаш дохийна цо Германи дIа а вахана бохуш.

И доцург а, Талламан комитето керла гIуллакх дуьхьал даьккхина Навальныйна, коррупцица къийсам латточу Фондан ахча дайъина аьлла. Оцу бехкаца итт шаре кхаччалц набахтехь яккха хан кхачайо цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG