ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

IАДАТ: Тимурзиев Хьасан дийна ву, иза Iазапехь а ву


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Соьлж-ГIалахь полисхошна тIелеттачу ТимурзиевгIеран шина вешех цхьаъ дийна ву аьлла, хаам баржийна шен агIонехь IАДАТ телеграм-канало.

"Оха нахала даккхар тIедожадо, Тимурзиев Хьасан дийна хилар. Иза вийна аьлла, кхайкхийна, амма иза дийна ву, цунна тIехь Iазап ду латтош, иза вен кечвеш ву, - яздо телеграм-канало. - Иштта тIедуьллу оха: Тимурзиев Хьасан кхелан хьалха хIоттавар, возуш воцу адвокат цунна лацар, тIехь ницкъ а ца беш, цуьнан сий а ца дойъуш, низамашкахь хила ма-деззара, кхел яр. Иштта, тIедожадо, цуьнан шаьш лечкъийна бигина доттагIий а, бевза-безарш а маьршабахар", - яздина шен постехь IАДАТО.

Официалан версица, байначу беттан 28-чохь уьрсаш диттира ханехь лаьттачу шина полисхочунна, цаьргара герз даккха а гIоьрташ. Вийра 22 шо долу жимаха сержант Джабраилов Мохьмад, лазийра цуьнца хилла шолгIа полисхо. Шаьш тIелеттарш а байъира.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаамбира, полисхошкара герз даккха гIоьртинера уьш. 2012-чу шарахь дуьйна Соьлж-ГIалахь шайн деца-ненаца вехаш хилла ши ваша: Тимурзиев Хьасан а, Хьусейн а хиллера и шиъ аьлла.

ТимурзиевгIеран ши воI билггал террорхой бара алий, тоьшаллаш гайта шайна элира, СултыговгIеран а, ТимурзиевгIеран а ГIалгIайчохь бехачу вежаралин тайпанаша. Иштта цара хаамбира, байъинчийн гергара нах лаьцна хиларх, уьш маьршабаха аьлла, тIе а дожош.

"Соьлж-ГIалахь байъинарш- тхан нах бу, нагахь санна, уьш билггал террорхой хиллехь, зорбане даха тоьшаллаш, цхьа видео хилла а тоьшалла хила ма деза, цкъа делахь. ШолгIа аьлча, шун бакъо яц церан дай-наной а, йиша а лаьцна латтон, оха тIедожадо уьш дIахецар а. КхозлагIа, схьало тхан байъинчийн декъий, уьш тхайн Iадатехь дIабохка", - бохура массеран а цIарах юкъаралхочо Султыгов Сараждина, цхьахйолчу гIалгIайн телеграм-каналехь бинчу видео кхайкхамехь.

ГIалгIайчохь шуьйра дийцадаьккхина оцу хиламех. Соьлж-ГIалахь байъинарш тIемалой бара аьлла, дIакхайкхор шеконашка диллина цхьа могIа юкъаралхоша а, блогерша а. Цара тIедожийна, уьш гIаттамхой хиларх тоьшаллаш Iорадаха аьлла.

ГIалгIайчуьра схьаваьллачу ТимурзиевгIеран шина вешин гергарчарна чIир кхайкхаяр тIедиллира мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана парламентан спикерна Даудов Мохьмадна.

"ТIекхайкха уьш, уьш бехкехиларх тоьшаллаш дIагайта, цул тIаьхьа чIир кхайкхае царна вайн вийначу накъостах", - аьлла, дIахьедира пачхьалкхан "Грозный" телеканалан эфирехь Кадыровс.

Соьлж-ГIалахь полисхоша вийна ТимурзиевгIеран ши ваша Хьасан а, Хьусейн а террорхойн Iалашонца хиларх тоьшаллаш кхаьчна шайга аьлла, хаамбира ГIалгIайчуьрчу церан цIийнех болчу наха. ТимурзиевгIеран а, СултыговгIеран а вежараллин тайпанаш реза ца хилла Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада Соьлж-ГIала дуьйла аьлча,бахка, амма цара тIедожийна вийначу шинна да-нана а, йиша а дIахеца аьлла.

Эххара а, дийцарш хиллачувл тIаьхьа, ГIалгIайчуьрчу ТимурзиевгIеран а, вийначу ДжабраиловгIеран а цIийнах болчашна юкъахь маслаIат хуьлуш, дирзира гIуллакх.

Кхаарин дийнахь "Грозный" телеканалан эфирехь, нохчийн полисхо шайн кIенташа верна ТимурзиевгIеран шина вешин дас Тимурзиев Ахьмадхана массаьрга а гечдар дийхира. Тимурзиевс дIахьедора, лецначул тIаьхьа шайца гIиллакхехь доцург ца лелийра полисхоша аьлла. Шен ши кIант бехкехиларх шеконаш яц шен аьлла цо.

"Шун бераша теракт йина элира тхоьга. Стигал къовкъар санна хIума дара и тхуна. Со айса хIун леладо хууш а вацара. Делахь а, бакъ хилла дели иза. Сан бераша, схьагарехь, цхьаъ лелош хилла шайн телефонашкахула, цхьаммо корта дIабаьхьна хилла церан. Цара зулам дина хилар - цIена бакъ ду. Суна гайтина уьш тIелеташ яьккхина видео", - аьлла байъинчу вежарийн дас.

Шайн доьзалшкара даьллачух жоьпалла шена а, шен хIусамнанна а тIехь ду боху Ахьмадхана. "Тхо бехке ду. Оцу шина кIентан да суо хиларе терра боху ас, сан бехк бу доьзалера даьллачунна", - аьлла Тимурзиевс нохчийн телеканалехь оьрсийн маттахь.

Цул тIаьхьа гIалгIайн маттахь дIахьедо цо "сайн къомана хьалха а юьхьIаьржа ву со".

"Цхьаннан а бIара хьажа юьхь яц сан", - аьлла дас.

Шина кIиранах латтийра вийначу шина вешина да Тимурзиев Ахьмадхан а, цуьнан хIусамнана Лидия а, йоI Зарета а нохчийн полисхоша лаьцна. Де хьалха маьршабаьхна уьш.

Официалан версица, ППС-н шина полисхочунна тIелеттера арсашца ГIалгIайчуьра веана ТимурзиевгIеран ши ваша Хьасан а, Хьусайн а, цаьргара герз даккха Iалашонца. Оцу тасадаларшкахь вийра полицин лахара сержант, 22 шо долу Джабраилов Мохьмад, чевнаш йира цуьнан накъостана. Оцу меттигехь герзаш тоьхна, вийра ТимурзиевгIеран ши ваша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG