ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ГIалгIайн гIуллакхна" тIехула тоьшаллаш дина мехкан муфтийс а, тайпанийн Кхеташонан куьйгалхочо а


Бехк буьллучийн агIор кхин а виъ теш левина Ессентукерчу гIалин кхелехь. Цара массара а мукIарло дина таIзаре хIиттиначаьргахьа.
Тешашлахь вара ГIалгIайчоьнан муфтий Хамхоев Iийса а, тайпанинй Кхеташонан куьйгалхочун декхарш кхочушден Даскиев Мурад а.

"Хамхоев Iийсас дIахьедира кхелехь, бехк боцуш лецна Магасерчу митинган декъашхой маьршабахийта ахь бохуш,
ГIалгIайчоьнан доллу къомо пIерасканан ламаза тIехь дехарш до аьлла. Иштта бехкбуьллучу тешаша тхан позици тIечIагIйина, и бохург хIун ду, и нах цIена хилар", - аьллачу адвокатан Плотников Андрейн дешнаш далийна "Фортангас".

40 гергга стаг веанера кхеле, таIзаре хIиттийначийн дог эца. Амма, уьш процессан декъахой цахиларе терра, кхел йоьдучу гIишло чу ца битира. Делахь а, арахь пхеа сахьтехь лаьттира уьш, дIаса ца бухуш.

2019-чу шарахь ГIалгIайчоьно Нохчийчоьнца дозанаш хуьйцуш, барт бича протесте бевлира кхеле хIиттийна Барахоев Ахьмад а, Мальсагов Муса а, Хаутиев Багаудин а, Чемурзиев Барах а, Ужахов Малсаг а, Нальгиев Ахьмад а, Саутиева Зарифа а. ШолгIачу дийне яьлла митинг полисхоша йохийра, цул тIаьхьа бехкзуламан гIуллакхаш даха долийра протесташкахь хиллачарна дуьхьал. Уьш бехкебо, экстремистийн юкъаралла кхолларна а, полисхошна дуьхьал ницкъ баккхарна а. Шайна дохку бехкаш тIе ца дуьту бехкебечара.

Стохка Лахьан-бутт бовш дуьйна йолийна ю царна тIехь дIахьон кхелан процесс. Кисловодскерчу кхелехь толлуш ду гIуллакх.

Бакъоларъяран "Мемориал" центран зерашца, Магасера митинг йирзинчул тIаьхьа 26 жигархочунна хенаш туьйхира: цхьана шарера шина шаре кхаччалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG