ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь чIара лаца вахнарг кхеле хIоттийна


Терек хи
Терек хи

Невран кIоштарчу прокуратурано бехк биллина меттигерчу вахархочунна, иккхинчу кофликтехь стагана тIе цо куьг дахьарна. Хаам бина цунах лаьцна нохчийн хаамийн гIирсаша. Кхелан версица, дахначу шеран аьхка Теркан йистехь чIара лаца вахначу цунна ца тайна хилла, ша марзвеллачу меттигехь кхин чIерийлецархо хилар. Цуьнца девне ваьллачу кхо дечиг коьртах тоьхна хилла цунна, гIеххьа чевнаш а еш.

Прокурорана хетачунна тIетайначу Невран суьдхочо, бехк тIе а чIагIбеш, 250 сахьтехь мехаза белхаш бар тIедожийна кхеле озийначунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG