ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказера коронавирусан хьал: 34 дархо велла, ун даьлла кхин а 1 164 стагана


Гайтаман сурт

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 34 дархо, ун къаьстина кхин а 1 164 стагаца. Инфекци ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла уьнах 15 дархо, Ставрополан махкахь- ворхI, Дагестанехь- пхиъ, ГIалмакхойчохь - кхоъ, ГIебарта-Балкхаройчохь - шиъ, Къилбаседа ХIирийчохь а, Адыгейхь а цхьацца пациент велла.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана коронавирусан инфекцех кхелхина 6 305 стаг.

Къаьсттина дукха бу тIаьххьарчу 24 сахьтехь ковид кхетта нах Ставрополан кIоштахь - 241 стаг.

Ставрополан мохк̆ + 241 (38 471 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIошт̆ + 195 (30 378)
Дагестан + 161 (25 681)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 97 (17 202)
ГIалмакхойчоь + 91 (16 064)

Къилбаседа ХIирийчоь + 84 (13 I79)
Нохчийчоь + 77 (99 68)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 79 (16 299)
Адыгей + 70 (12 078)
ГIалгIайчоь + 69 (13 127)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирус кхетта ву 192 447 дархо. Оперативан штабан информацица, йоллу Оьрсийчохь вирусца ву 3 495 816 стаг.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG