ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра почтан гIишло эккхийтинчеран гIуллакх кхелехь луьстур ду


ГIалгIайчохь бехкзуламан гIуллакх тIечIагIдина меттигерчу 36 шо долчу вахархочунна дуьхьал айдина хилла. Талламчийн версица, банкоматчуьра ахча лачкъорхьама почтан гIишло эккхийтина цо, яздо мехкан прокуратурано.

Стохка Охан-беттан 10-чохь иза а, цуьнан ши накъост а гIоьртина хилла Наьсаран кIоштан Экажево эвларчу почти чуьра банкомат яста, амма ницкъ ца кхаьчна церан. Цул тIаьхьа куьйгабинчу гIирсаца банкомат эккхийтина цара. ТIаккха а аьтто ца баьлла церан цу чуьра ахча даккха. Чевнаш хилла кегий нах бевдда, къайлабевлла хилла зулам динчу меттигера.
Дарбан цIийнехь каравеанера полицина чевнаш йина хилла цхьаъ. Оцу гIуллакхна гонах талламаш дIахьош бу хIинца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG