ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зорбан гIирсаш: гражданство а йоцуш, 500 эзар стаг ву Оьрсиийчохь вехаш  


Ах миллион гергга стаг ву вехаш Оьрсийчохь, гражданство а йоцуш, дийцина "Мехала истореш" зорбан гIирсе "Гражданское содействие" комитетан координаторо Буртина Еленас, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо (Радио Свобода). Гражданствох лаьцна Оьрсийчоьнан хьалхара низам болх бан доладелира 1992-чу шарахь. Цуьнца а догIуш, оцу дийнахь Оьрсийчохь бехаш болу Советан Союзан хилла берриг а гражданаш лоруш бара Оьрсийчоьнан Федерацин гражданаш санна.

Амма уьш цигахь бехаш хилар тIечIагIдора прописко, вуьштта аьлча, паспорта тIехь билгало хилахь стаг дима а Оьрсийчохь вехаш хиларан. Ткъа Советан Союзана юкъахь хиллачу кхечу республикашкарчу мухIажарийн аьтто бацара Оьрсийчохь прописка ян, шайн долахь хIусамаш а йоцуш.

ШолгIа делахь, цхьаболу нах Оьрсийчохь баха хевшира низам тIеэцначул тIаьхьа – цара хIун дан деза бохург дуьйцуш дацара оцу низамна тIехь.

Хьал хийцаделира 2012-чу шарахь: низамна юкъатуьйхира кхин цхьа дакъа. Оцу тIетохаро бакъо лора 2002-чу шеран Лахьан-беттан 1-гIа де тIекхачале Оьрсийчу баьхкинчу Советан Союзехь бехаш хиллачу нехан а, церан берийн а гражданство тIеэца, аттачу яьккхинчу кепехь.

ХIинца цера аьтто бара гражданство схьаэца, прописка а ца еш. Оцу гIуллакхна оьшуш дара Iедалш тешо шаьш цхьана хенахь СССР-н гражданаш а хилла, 2002-чу шарахь шаьш Оьрсийчохь а дара, цигахь даиман а дехаш а дара 2002-чу шарахь дуьйна бохучух.

Амма, Бартинас бахарехь, иза массарга а ца дало. Низамо бакъо ло гражданство йоцу стаг шина шаранна набахтин хьелашкахь чувоьллина латто, араваккхаре ладоьгIуш, иза махкахваккха цхьа а меттиг ца хилар хьалххе хууш доллушехь. 2020-гIа шо чекхдолуш бакъонашларъярхоша латкъам бира, оцу хьокъехь долчу низамашна тIеIаткъам бан таро йолчу, Конституцин кхеле.

Бакъонан а, юкъарчу политикан а Институтан юристаша кехат хьажийна Конституцин кхеле. Цара доьху цу хьокъехь долу низамаш таллар. Оьрсийчоьнан низамо бакъо ло, Оьрсийчохь ваха бакъо хиларх лаьцна документаш дацахь, гражданство йоцу стаг пачхьалкхара араваккха, цу тайпа документаш даха Оьрсийчохь цхьа а аьтто луш бацахь а.

"Гражданство йоцу нах вайн пачхьалкхехь лору кхечу пачхьалкхара нах санна. Иза низамашца догIуш дац, хIунда аьлча, церан хьелаш цхьатера дац, - боху Буртинас. – Царна а, кхечу пачхьалкхарчу нахана а цхьаьтерра механизм ю юкъаяьккхина: виза а яьккхина Оьрсийчу вар, миграцин сервисехь учете хIоттар, цул тIаьхьа ханна Оьрсийчохь ваха бакъо яккхар, тIаккха гражданство яккхар. Вуьшта аьлча, низамна гуш бац махкахь дуккха а хенахь бехаш, амма удостоверенеш а, миграцин картанаш а доцу нах. Низамашка юхаберза хьелаш кхоьллина дац царна".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG