Новосибирскехь бехктакхаман гIуллакх дуьхьал айдина 36 шо долу нохчийн криминалан авторитет Солтаханов Бай-Iела хьалха а бандиталла лелорна еххачу хенахь набахтехь хан текхна ву.
2006-чу шарахь цхьа могIа талорашца тIелетарш дарна таIзар дина ву иза: шен накъосташца цхьана нах бехачу хIусамашна тIелетарш дина цо.
Мел лахара а 18 стаг хилла цуьнан тобанехь, шайлахь милицин а, антитерроран центран а хилла белхахой а болуш, яздо "Известия" газетано. 30 сов тIелетарш а деш, къоланаш дина цара мехкан кеп-кепарчу кIошташкахь.
Иштта, гIирсо билгалдаккхарехь, ницкъ а бина, бехк тIелоцуьйтуш мукIарло дайтинера шега бохуш, къар ца лора Солтаханов кхелехь.
Цуьнан адвокаташа чIагIдора, милицехь "стажер" вара иза, лакхарчу даржашкахь болчу нехан тIедахкарш кхочушдеш хиллера цо, ша зуламхойн тобанехь вуйла а ца хууш, ткъа тIелетарш дар - спецоперацеш ю моьттура бохуш. И тIелетарш бахьана долуш Солтахановна 13 шо хан тоьхна, колонин шогачу хьелашкахь даккха.
Хьалхо Маршо Радионо яздира, криминалан авторитетна 8 шарера 15 шаре кхаччалц хан кхачайо, иштта, пхи миллион сом гергга гIуда а догIу аьлла.
"Талламна къаьстина, стохка Дечкен-баттахь дуйна криминалехь лахара статус йолу нах шен куьйгакIел берзо гIерташ, царна тIе цхьацца омранаш дохкуш, зуламе ламасташ даржош, криминалан девнаш дерзош, Новосибирскан кIоштахь тIеIаткъам беш лелар", - хаамбина Новосибирскан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-центро.