ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францехь хьехархо вер къобалдинарг лаьцначуьра дIахецна


Францера нохчийн диаспора
Францера нохчийн диаспора

Терроризм къобалйинчех ву аьлла, шина баттахь лаьцна латтийна 22 шо долу нохчо маьршаваьккхина Францехь, яздо Кавказ.Реалиино. Блуа гIалахь лецира иза яхначу гурахь ГIадужу-беттан 23-чохь, вийначу хьехархочун Пати Сэмюэлан суртана "лайк" хIотторна. Иза вийначу Анзоров IабдуллахIа твиттерхь ша динчу зуламах хаамбина, Патин сурт зорбане даьккхинера. Цул тIаьхьа дукха ца Iаш полицино вийра иза герз тоьхна.

Нохчийчохь шолгIа тIом бирзича шен деца-ненаца Франци дехьаваьллера лаьцна хилла жимстаг. Терроран тохарш а, къепедацарш а къобалдеш хиларца гучуваьллера иза кхо шо хьалха а. ХIетте а ша лоцучу заманчохь бакъ ца динера цо, шен радикалан хьежамаш хилар.
Шозза а ша маьршаваккхар доьхуш, кехат чуделлера цо. Дуьххьара дIатеттира цуьнан дехар. ШолгIачу дехарна жоп делира, цуьнан адвокато тIейогIучу заманчохь раж ларйийр ю цо аьлла, чIагIо ярна.

Иза лоцучу хенахь церан чуьра даьхьна арсаш а, шаьлтанаш а юхаеллера, цуьнан ден долахь хилла йолу.

Маьршаваьккхинехь а, жимстаг кхелахойн шогачу тергонехь хир волуш ву, паргIат дIасалела аьтто а хир бац цуьнан. ЦIера валар дихкина, кхин а эхашерачохь латтор ву иза. Бехк тIечIагIбахь, ворхI шаре гергга хан кхачайо цунна набахтехь яккха.

47-шо долу Пати Самюэль вийна дахначу шеран ГIадужу-беттан 16-хь. Цул хьалха цо дешархошна урокехь дешан маьршо йийцаре еш гайтина хиллера Charlie Hebdo журналана тIехь араевлла Мохьаммад-Пайхамарна ехкина карикатураш. Цул тIаьхьа кхерамаш туьйсуш хиллера цунна. Хаамашкахь яздарехь, хьехархо вийна Нохчийчуьра схьаваьллачу Анзоров IабдуллахIа. Лоцучу заманчохь шайна дуьхьало йича полисхоша герз тоьхна вийнера иза. Анзоров дIавоьллина Нохчийчуьрчу Шалажахь ГIуран-беттан 6-хь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG