Нохчийчоьнан Iедалша билгалдаккхарехь, регионехь коронавирусан хьал тоделла догIу. ТIаьххьарчу баттахь шозза лахделла го бахархошлахь инфекци яржаран терахь. И хаам бина, ун ца даржийта Iалашонца вовшахтоьхначу Нохчийчуьрчу оперативан штабан куьйгалхочо, парламентан спикеро Даудов Мохьмада, Оьрсийчоьнан вице-премьерца Голикова Татьяница йоьдучу видеоконференцехь.
"Масала, байначу беттан 14-чу дийнахь 139 стаг билгалвелира COVID-19 вирусца, тIкъа тIаьххьарчу дийнахь-буса 77 дархо бен ца къаьстина",- аьлла Даудовс.
Иштта оперативан шатабн хьалханчас дийцина, мехкан куьйгалхочун тIедилларца, республикехь дIахьош вакцинаци хиларх а. Карарчу хенахь Нохчийчу кхаьчна, боху цо, «Спутник V» цIе йолу 2 642 вакцина. ТIейогIучу заманчохь кхин а 54 эзар доза схьакхачаре хьоьжуш ду шаьш аьлла.