ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Галваьллачунна - гечдийр ду, бехкечунна - таIзар дийр ду


1990-чу шерашкахь Европе дIа а бахна, цигара схьа адамийн бакъонаш хьешарна Нохчийчоьнна бехкаш дохку нохчий тIеэца баккхийбийр бу даймахкахь. Уьш галбевлла хилар гечдийр ду царна, нагахь санна, цхьана хIумана тIехь церан бехк хиллехь, таIзар а дийр ду. Оцу кепара дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана еарин дийнахь Думан депутатаца Делимханов Адамца а, парламентан спикерца Даудов Мохьмадца а, ницкъаллин структурийн куьйгаллийца а, кхиболчу официалан нахаца а шен хиллачу кхеташонехь, хаам бо REGNUM агенталло.

"Ичкерин туьйранийн зама тIехтилла, халкъ кхетта, мила - мила ву, тIаккха декхаре хилла и туьйранчаш Европе бовда. Цигахь а вовшашца девнашка бевлла. Делахь а, уьш цIа багIахь, реза ду тIеэца, Соловей-разбойникаш санна уьш лелахь а", - аьллачу Кадыровн дешнаш даладо REGNUM-о.

Ишттареспубликан куьйгалхочо билгалдаьккхина, Нохчийчохь дуьненчу а ваьлла, нохчийн мотт буьйцучех хуьлуш вац нохчо, "эхь-бехкаллин кодекс" а ларъеш, нохчийн амалш хила еза стагехь аьлла.

"Галваьллачунна гечдийр ду, бехкечунна таIзар дийр ду, амма оха цкъа а могуьйтур дац евроичкерихошна тхайн махкана лер", - дIахьедина Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG