ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса велла ковидах 34 дархо, ун кхетта 1 143 стагах


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Яхначу буса а, дийнахь а Къилбаседа Кавказехь коронавирусани уьнах велла 34 дархо, вирус къаьстина кхин а 1 143 стагаца.

Инфекци ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь ковидах велла 18 дархо, Ставрополан махкахь а, Дагестанехь а кхелхина виъ-виъ, ГIалмакхойчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалгIайчохь а шишша велла, Нохчийчохь цхьаъ.

Пандеми яьржичхьана Къилбаседа Кавказехь уьнах кхелхина 6 339 пациент.

Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца Ставрополан махкахь - 238 стаг.

Ставрополан мохк+ 238 (38 709 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIошт + 194 (30 572)
Дагестан + 158 (25 839)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 98 (17 300)
ГIалмакхойчоь + 88 (16 152)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 81 (13 260)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 80 (16 379)
Нохчийчоь + 72 (100 40)
Адыгей + 68 (12 146)
ГIалгIайчоь + 66 (13 193)

Къилбаседа Кавказехь COVID-19 ун токхуш ву верриг а 193 590 стаг. Йоллу Оьрсийчохь бу уьш, Iедалхойн статистикаца, таханалерачу дийнахь - 3 520 531 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG