ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

COVID-19 вирусца доьзна йоллу Францехь комендантан сахьт кхайкхийна


Коронавирусца къийсам латтон Iалашонца кхана, пIераскан дийнахь дуьйна, комендантан сахьт юкъадоккхуш ду Францехь - суьйранна ялх сахьт даьлча Iуьйранна 6 сахьт даллалц. Пачхьалкхан премьер-министро Кастекс Жана бина и хаам.

Хьалхо комендантан сахьт дара лелаш мехкан 25 депатраментехь. Мел лахара а 15 денна дIакхайкхийна Францехь комендантан раж. Британехь гучуяьлла вирусан керлачу штаммца доьзна ду дозанаш деттар.

COVID-19 вирус яц аьлла негативе тест хила еза Дечкен-беттан 18-чохь дуьйна Шенгенан зони юкъа йогIуш йоцучу пачхьалкхашкара чуоьхучу нехан карахь. Цул тIаьхьа кIиранна карантине ховшор бу уьш, тIаккха юха а тест яла дезар ду.

Pfizer/BioNTech а, Moderna олучу препараташца вакцинаци йолийна Францехь. Делахь а, байначу беттан тIаьххьарчу деношкара схьа махкахь 140 эзар стагна бен диттина дац мехий.

Пандеми яьржичхьана Францехь COVID-19 вирус кхийтира кхаа миллионна гергга вахархочунна. Уьнах кхелхина 70 эзар гергга дархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG