ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Зорбан гIирсаш – кхечу мехкан агент" низам юхадаккха аьлла, кхайкхамбина Москвага журналисташ Iалашбечу комитето


Дуьненаюкъарчу Iедалца йоьзна йоцучу "Журналисташ Iалашбен Комитет" организацино кхайкхамбина Оьрсийчоьне. Цара доьху, хаамийн гIирсаш а, журналисташ а "арахьарчу агентех" дIатоха бакъо луш долу низам даржор юхадаккхар. Комитетан позици организацин сайтехь зорбане яьккхина ю.

Оцу кепара кхайкхам бан бахьана хIоьттира царна, Свободная Европа/Свобода Радион медиакорпорацин (РСЕ/РС ) еа проектна а, Оьрсийчуьрчу церан векалтан куьйгалхочунна а Роскомнадзоро бархI протокл хIотторца.

Чиллан-баттахь кхин а 130 протокол хIоттон кечамбеш ю Роскомнадзор. Оцу санкцийн боллу барам хила тарло - иттаннашкахь миллионаш соьмаш.

Иштта Оьрсийчоьнан низамо бехктакхаман гIуллакхаш даха могуьйту, "арахьарчу агентех" юкъадаьккхинчу низаман белхан барамаш бохийначарна дуьхьал.

Жуналисташна дозанаш детта Оьрсийчоьнан керла гIирсаш юкъараллана зене боьрзур бу аьллачу Юкъерчу Азехь а, Европехь а йолчу программийн координаторан Саид Гульнозун дешнаш далийна комитето.

Журналисташна тIехь цензура хIотто, хаамийн гIирсаш кхерамна кIел кхаба лерина долу, "арахьарчу агенташна" дуьхьал лела низам юхаэцар дехна цо

РСЕ/РС медиакорпорацин куьйгаллина хетарехь, "Зорбан гIирсаш – кхечу мехкан агент" низамца Оьрсийчоьнан Iедалхоша лелориг "журналисташна тIаьхьабовла, пачхьалкхан бахархошна Кремло къобалйина информаци бен ца хачийта", лелош хIуманаш ду.

Американ Цхьанатоьхначу Штаташа журналисташна маршо елла, цара ца могуьйту редакцин политикана юкъа политикан а, цензуран а юкъегIертарш.

"Свобода Радио муьлххачу а пачхьалкхан агент ю аьлла хетар - харц ду. Оцу хетарша Iаткъам бина тхуна хIинцале а Оьрсийчохь болх бан, Оьрсийчуьрчу тхан белхахошна кхерам бохьу цара", - аьлла ду корпорацино динчу кхечу дIахьедархь.

ХIора шарахь "Доза доцчу репортераша" хIотточу зорбанийн маршонан дуьненаюкъарчу индексехь Оьрсийчоь 180 меттигах 149-чу позицехь ю.

2019-гIа шо чекхдолуш тIеэцначу "Зорбан гIирсаш – кхечу мехкан агент" низамца а догIуш кхечу мехкан агент лара бакъо ю арахьара агент санна билгалбаьккхинчу зорбан гIирсан, я оцу тапйчу вахархочун материалаш яржош волу а, кхечу пачхьалкхера ахча оьцуш волу а уьш кечйеш дакъалоцуш волу а, кхечу пачхьалкхера ахча оьцуш волу а муьлхха а вахархо. Оьрсийчоьнан министралло ца хаийтина хIун бахьана долуш реестр-на юкъатоьхна ша билггала и 5 стаг.

Хьалхо "кхечу мехкийн агентийн" тептарна Оьрсийчохь юкъатоьхнера, къаьсттина, Маршо Радион Оьрсийн сервис а, цуьнан регионийн проекташ а, "Карара хан" телеканал а, ткъа иштта Маршо Радио/Маьрша Европан Радио медиакопорацин кхин а масийтта дакъа а.

Тептарна юкъатохаро дехкарш юкъадоху зорбан гIирсашна, масала, церан декхар ду ша бинчу белхан финансин отчет Iедалшка дIаяла а, шен зорбане йовлучу материалашна Оьрсийчоьнан Iедалан урхалло билгалдаьккхинчу йозанца билгало хIотто а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG