ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс адамийн бакъонаш талхорна, YouTube-о дIакъевлина "Ахматан" каналаш


"Ахмат" футболан а, ийначу кепехь латаран Absolute Championship Akhmat клубийн а каналаш дIакъевлина ютьюбо. Уьш схьаелла хьаьжча йоза хIутту: "ХIара аккаунт къевлина ю, YouTube юкъараллан низамаш дохорна". Цкъачунна цхьана а кепара цунах лаьцна комментари ца йитина Оьрсийчоьнан премьер-лигехь ловзучу "Ахмат" футболан клубан официалан векалша.

ACA-н (Absolute Championship Akhmat) президенто Яценко Алексейс дIахьедина, адамийн бакъонаш талхоца йоьзна яц юкъаралла, цундела шайн ютьюб-каналана блок хIоттор бух болуш дац аьлла.

"Низамехь дац тхан организацина Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа хIоттийна нормативан акт а, йина кхел а йоцуш, санкцеш кхайкхор. Кхузахь санкцеш дуьхьалъяьхна, Оьрсийчохь а, йа цул арахьа а адамийн бакъонаш ца хьеечу спортан организацина", - боху цо.

ММА-н латарийн миллионашкахь болчу фанаташна зен дина, YouTube-канал дIакъовларца, билгалдаьккхина Яценкос.

Байначу беттан юьххьехь, адамийн бакъонаш йохош болчу нахах дузучу "Магнитскийн глобалан актан" бух тIехь, Американ Iедалхоша санкцийн тептаре яьккхира "Ахмат" клуб а, Кадыров Ахьмадан цIарах йолу Фонд а, латархойн "Ахмат" клуб а.

Аьхка Америко Iаьржачу тептаре ваьккхира, адамийн бакъонаш шогаллица йохийна аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Тоьхна санкцеш иштта хьакхало цуьнан хIусамненех Кадырова Меднех а, йоIарех Iайштах а, Каринех а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG