ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненчохь коронавирусах ши миллион стаг велла


Пандеми йолаелчхьана COVID-19 вирусах дуьненчохь беллачийн терахь шина миллионал совдаьлла. ХIопкинс Джонан Университетан сайтехь зорбане яькккхина цунах лаьцна информаци.

Ун даьржичхьана COVID-19 вирус кхийтира 90 миллион стагах. Къаьсттина дукха дархой белла Амеркиан Цхьанатоьхначув Штаташкахь - 390 эзар гергга стаг.

Пациенташ дукха баларца шолгIачу меттигехь билгалъяьккхина Бразили- 270 эзар стаг. 3-чу могIарехь язйина ю ХIиндойчоь - 150 эзар стаг велла цигахь.

Оьрсийчоь 4-чу меттигехь ю аьлла, къастийна ун даьлла нах дукха хиларца - 3,5 миллион вахархо ву цигахь вирус токхуш.

Официалан статистикаца, пандеми яьржичхьана коронавирусах кхелхина цигахь 64,5 эзар стаг.

Росстатан зерех къаьсташ ду Оьрсийчуьрчу оперативан штабан ларарш. Коронавирус кхетта стаг кхечу бахьанашца велча, иза лоруш дац шаьш аьлла урхалло.

Стохка Зазадокху-баттера Лахьан-батте кхаччалц Оьрсийчохь велла коронавирусах 116 эзар пациент. Байначу беттан статистика йовзийтина яц хIинца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG