ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусна тIехула тоьхна дозанаш ГIалгIайчохь кхин а баттана дахдина


Чиллан-беттан 15-чу дийне дIаяхйина ГIалгIайчоьнан Iедалша, коронавирус бахьана долуш шаьш юкъаяьккхина раж. Дихкина нах вовшхбетташ, барамаш хIиттор а, иштта чохь Iен тIедожийна къаношна а, шайца кхин а цхьацца лазарш долчу нахана а.

Лахьан-баттахь Роспотребнадзоран куьйгалхочо Попова Аннас дIахьедира, ГIебарта-Балкхаройчоьно а, Кхарачой-Чергазийчоьно а, ГIалгIайчоьно а кхачам боллуш къийсам ца латтабо инфекцина дуьхьал аьлла.

Билгалъяьхначу регионашкахь 50 процент аьлча санна бахархоша лелош яц масканаш йа транспорта тIехь а, йа туьканашкахь а аьлла, билгалдаьккхинера цо.

Тоьхна дозанаш дIадахдина ГIалгIайчохь коронавирус яржарца доьзна аьлла, хааме даьккхина мехкан куьйгалхочун пресс-гIуллакххоша.
"Нах гулбеш, самукъадаккхаран а, культурин а, физкультуран а, спортан а, гайтамийн а, рекламин а барамаш хIиттор дихкина Чиллан-беттан 15-чу дийне кхаччалц", - аьлла ду регионан урхалхочун сайтехь зорбане яьккхинчу пресс-релизехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG