ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дудаев Джохарца йинчу интервьюх арахецначу книгана украинхойн преми кхаьчна


Дудаев Джохар
Дудаев Джохар

Нохчийн Ичкерия Республикан хиллачу хьалхарчу президентца Дудаев Джохарца хилла интервьюш вовшахтоьхна, стохка Киевехь арахецна хилла книга Украинан "Шеран жайна" (Книга года) премин шорт-лист юкъаяхна. "Публицистика" категорехь билгалъяьккхина иза.

"Лицар свободи" ("Рыцарь свободы") цIе йолу книга стохка арахийцира. Цу юкъаяхна интернетехь яржийна интервьюш а, иштта, хьалхарчу Ичкерин президентан доьзало елларш а.

"Тхан гочдархоша интервьюш тексте а ерзош, украинхойн матте гочйира, церан цхьа дакъа нахана хезна яц, иштта цхьанхьа а зорбанехь хилла доцу, доьзалан альбомаш юкъара суьрташ а цхьана ду цу юкъахь", - аьлла книга арахецначу Савченко Дмитрийс.

Иштта, цо билгалдаккхарехь, жайнин цIе тиллина Дудаев Джохаран хIусамнанас Дудаева Аллас. Цо язйина книгин дешхьалхе а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG