ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адвокат: Навальный ву Химки гIалан полицин декъехь


Навальный Алексей Шереметьево аэропортехь ша д1алацале хьалха
Навальный Алексей Шереметьево аэропортехь ша д1алацале хьалха

Германера цIа веъча Москварчу Шереметьево аэропортехь кIиранан сарахь дIалаьцна Оьрсийчуьра оппозиционер Нвальный Алексей ву Мосвкан областехь йолчу Химки гIалан полицин декехь.

Цунах лаьцна хаам бина Би-би-си-н Оьрсийн сервисе Навальныйн адвокато Михайлова Оьлгас, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисе (Радио Свобода).

Полицин декъан белхахоша бакъдина иза, амма уш реза ца хилла Навальныйна тIебита я адвокат а, я Коррупцица къийсам латтон фондан юрист Гимади Вячеслав а.

Селхана сарахь Навальный лецира Шереметьевохь, паспоран контроль олучу меттехула чекхволуш. ТаIзарш кхочушдон федералан сервисо дIахьедина кхело муьлхачу хьелашкахь вуьтур ву Навальный таллам бечу замана бохург хоржуш сацам баллалц иза талламан изоляторехь латтор ву аьлла.

Хьалхо ТаIзарш кхочушдон федералан сервисо (ФСИН) бехке вира Навальный дозанал арахьа цо талхийна шена тоьхначу зеран хенан билламаш аьлла, кхеле дехар а деш арахь яккха тоьхна йолу хан хийцахьара колонехь хан такхийта сацам а беш аьлла.

Хан чекхъяла дисна де-буьйса а долуш Навальный кхайкхийра федералан талламе. Политикана хаьара ФСИН ша лаца дагахь хиларх лаьцна, амма юха ца велира иза Оьрсийчоь цIа ван шен йолчу пданах.

Навальный Алексей Германе кхачийра Товбеца-беттан 22-хь – иза цига вигира Омскера, "Новичок" олучу дIавшен могIарехь йолчу тIеман дIаьвшен кхачо малийна, кхетам чохь а воцуш. Германехь цунна дарба лелийла, цул тIаьхьа реабилитаци еш Iийра. Навальныйс дIахьедарш дора Германе шен лаамца кхаьчна вац ша, кестта ОЬрсийчу цIа ваха дагахь ву ша бохуш. Цо иштта дIахьедар днера ша ФСИН-е хаийтина ша кхечу пачхьалкхехь хилар а, цига ша медицинин бахьанашца кхаьчна хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG